Саратоверчу набахтехь Рамадан бахьанехь дукха тутмакхашна юккъехь латар хилла Саратован кIоштан № 4 йолчу УФСИН-ан набахтера № 7 йолчу тобанехь дов иккхина хан тоьхначу бусулбачу наханна а, криминалан субкультуран декъашхошна а юккъехь. Бакъоларъярхойн хаамашца, конфликт бахьанехь арсашца иккхинчу девнехь вийра цхьаъ тутмакх, итт герга стагана тайп-тайпана чолхенан барам болу чевнаш йира. Кавказ.Реалиига Gulagu.net проектан хьалханчас Осечкин Владимира бахарехь, конфликт эккхаран бахьана хилла, шайн декъехь Къилбаседа-Кавказернаш болу бусулбачу тутмакхаша Рамадан баттахь дино тIедохку декхарш кхочушдар. Читать полностью...