Нохчийчуьрчу тайп-тайпана кIошташкара бIе къона салти хьажийна Кадыровн полке Кадыров Ахматан цIарахчу полке гIуллакх дан 100 къона эскархо хьажийна Нохчийчуьра гуьйранна арме бигинчу салтех. Уьш бу Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу гIаланашкара а, ярташкара а бахархой, хаам бо Кавказ.Реалиино, "Грозный Информ" агенталлана тIе а тевжаш. Болчу хаамца, эскархочун сийлаллин клубехь полкан эпсарша "дийцина къона салташна полкан исторех а, ламастех а, эскархочун гIуллакх даран къепах а лаьцна". Керла бIаьхой Iаморан дакъошкахь чекхбовла безаш бу юкъараэскаран кечаман курсах, ткъа цул тIаьхьа цара йийр ю бIаьхочун чIаго. Читать полностью...
Публичная и тайная жизнь одного из самых ярких российских адвокатов XIX века в новом историческом детективе “Плевако”
Всероссийский субботник пройдет на территории сервисного локомотивного депо «Москва-Сортировочная» 27 апреля!
Большая команда проекта «Стихи войны и мира. Баллада о своих» продолжает интенсивно готовиться к первым концертам общенационального тура