Шема ваха гIоьртинчу дагестанхочунна 7 шо хан тоьхна 2015-чу шарахь Шемахь йолчу террорхойн организацех дIакхета гIоьртинчу Дагестанерчу вахархочунна Ибрагимов Зурабана тIехь битина бехк Ростов-ГIаларчу тIеман кхело. Шогачу рожехь йолчу колонехь даккха ворхI шо хан тоьхна цунна. Кхело тIечIагIдина, 2015-чу шеран Охан-баттахь Оьрсийчуьра Стамбуле а вахна, цигара дIа туркойн-шемахойн доза цо хадийна хилар, Туркойчоьнан бакъоларъяран органаша циггахь лаьцна в ву иза. Цул тIаьхьа Кишиневе араваьккхира иза, ткъа Молдован Iедалша оццу шеран Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчу экстрадици йира цунна... Читать полностью...