Кхарачой-Чергазийчохь гIаттамхо вара аьлла, ши стаг верах дIахьедина ФСБ-но Кхарачой-Чергазийчуьрчу къайлахчу сервисийн урхалло хаамбина, контртерроран операци дIахьочу заманчохь тIемалой хетта ши стаг верах "Зуламхошка герз охьадиллий, каравола аьллера. Бакъоларъяран иорганийн белхахошна дуьхьал герзаш детта буьйлабелира. Оцу хиллачу кхийсаршкахь зуламхой хIаллакбира", - хаамбина ТАСС агенталло къоман антитерроран комитетан тIетевжина. Iуьйранна дуьна хаамийн агенталлаша яздора, Кхарачой-Чергазийчуьрчу Карачаевскан кIоштахь контртерроран операцин раж кхайкхийна, теракташ кечдеш хилла ши стаг ву лоьхуш бохуш. Читать полностью...