Дагестанехь UFC латархо хилларг лаьцна герзаш лелорах йолчу шеконца UFC латархо хилла Антигулов Хьажамурд лаьцна ХIинжа-ГIалахь герзаш лелорах йолчу шеконца. Бехктакхаман дов айдина цунна дуьхьал. 33 шо долу Дагестанан коьртачу шахьаран вахархочуьнгара ши тапча а, патармаш а даьхна, хаам бо республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллерчу пресс-векалто. Зорбане яьккхинчу видео чохь, шега дечу хеттаршна жоьпаш луш, лаьцначо чIагIдо, герз шен дац бохуш. Охан-беттан 16-чу дийнахь Iуьйранна, дегI меттах даккха водуш, карийна шена иза Тарки юьртахь, боху цо. Читать полностью...
Филиалы АО "Желдорреммаш" приняли участие в региональном этапе второй Всероссийской ярмарки трудоустройства «Работа России. Время возможностей»
Минфин РФ: отсутствие интероперабельности - это препятствие к использованию ЦФА в международных расчетах