"Спутник V" вакцина зуьйш ю Европан Бертан молханийн агенталла Европан молханийн агенталло экспертиза йолийна Оьрсийчоьнан коронавирусан "Спутник V" вакцина зуьйш, боху оцу агенталлин сайта тIехь. Сихаллин кепехь дIахьош ду зераш, нагахь санна вакцина эвсаре хилар карадахь, иза Европан Бертан пачхьалкхашкахь йохка йолорхьама. “Спутник” Европан эвсараллин, кхерамзаллин, башхаллийн стандарташца толлур ю, боху хаамо. Хьахош дац, мел хан оьшу зераш дIадахьа, амма билгалдоккху, уьш чехкаллица деш хиларна, даимачул сиха чекхдевриг хилар. Европан Бертан Iедална... Читать полностью...