Европерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраша дийцарш долийна, Навальныйца доьзна Оьрсийчоьнна санкцеш тохар Евробертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраша Брюсселехь оршот дийнахь хиллачу цхьанакхетарехь дийцарш долийна, оппозицин политик Навальный Алексей колоне хьажорна тIехула Оьрсийчоьнна дуьхьал баха леринчу барамех. Навальныйна Iедал тIаьхьа далар политикан бух болуш ду аьлла хета Евроберта юкъайогIучу пачхьалкхашна. Цара кхайкхам бира, Навальный маьршаваккха аьлла, амма Кремло тIехтесира церан тIедиллар. Чиллан-баттахь Москвахь кхело сацамбира Навальныйна 2014-чу шарахь бозбуанчаллаш... Читать полностью...