Теракт ян кечлуш вара аьлла, 14 шо хан кхайкхийна Дагестанерчу вахархочунна Къилба гонашкарчу тIеман кхело бехке лерина Дагестанан вахархо Гасанов Мурад Кизлярехь дан теракт кечдеш хилла аьлла. Колонин шогачу хьелашкахь 14 шо даккхар тIедожийна цунна, яздо REGNUM агенталло. Талламчийн версица, 2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь байIат дина хилла цо "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан лидерна. Кизляран кIоштара администрацин гIишло эккхийта Iалашо хилла бехкевечун, чIагIдо талламчаша. Билгалъяьккхинчу кIоштахь теракт дан дагахь куьйгайина оьккхуьйтург дехьайоккхучу заманчохь лаьцна ву Гасанов полисхоша. Читать полностью...
Работающие уральцы могут пройти тестирование на ВИЧ в рамках комплексного обследования благодаря проекту «Добро на предприятие»