Къилбаседа Кавказехь 8 стаг велла, 302 цомгуш хилла коронавирусах т1аьххьарчу дийнахь-буса Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 8 стаг, цомгуш хилла 302, боху уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан оперативан штабан терахьаша. Ставропол-махкахь велла кхо вахархо, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь – шишша, Краснодар-махкахь – цхьаъ. Коронавирус яьржичхьана верриг а велларг ву Къилбаседа Кавказехь, официалан хаамашца, 887 стаг. Дийнахь-буса уггаре дукха нах цомгуш хилла коронавирусах Ставропол-махкахь – 91 стаг. Ставропол-мохк +91 (6394 юьхьанца дуьйна) Краснодар-мохк + 65 (6912)... Читать полностью...