Францерчу Лавалехь балконах тасавелла воллу меттигера вахархо кIелхьарваьккхина нохчочо Францин Малхбузерчу Лаваль гIаларчу гIишлон 8-чу гIаттан балконах чукхозуш хилла меттигера вахархо кIелхьарваьккхина Нохчийчуьрчу мухIажаро. Цунах лаьцнадийцина кху деношкахь меттигерчу хаамийн гIирсаша. Ouest France орбан гIирсо бахарехь, инцидент нисъелла Сен-Николас олучу кIоштарчу Лаваль гIалахь байначу беттан 26-чу дийнахь. Буьйсанна 11 сахьт даьллачу хенахь шен балкона тIехь висинера меттигера вахархо, неIарш а къовлаелла. Луларчу балкона тIехула охьавосса гIоьртинера иза ша, амма цунах аьтто ца баьлла, перилех тасавеллачохь висинера. Читать полностью...