Нохчийчоьнна гонахара мехкаш муха къийсало уьнца Дагестанехь 13 вахархо ву дийнахь-буса коронавирус гучуяьллачаралахь. Ишта ду меттигерчу Роспотребнадзоран декъо довзуьйту терахь. Верриг а 57 стаг ву ун кхетта, царех 53 виллина дарбан цIийне. Инфекци яьржичхьана схьа товелларг виъ стаг бен вац. 4178 вахархочуьнгара тест эцна, карантинехь ву 3667. Ставропол-махкахь селхана 3 стагца карийна вирус. Губернатора Владимиров Владимира, шайн гIаланашкахь а, ярташкахь а даьржаш ду, аьлла, ун. Цо шен Instagram-каналехь бахарехь, 42 стаг ву махкахь цомгуш. Читать полностью...
Всероссийский субботник пройдет на территории сервисного локомотивного депо «Москва-Сортировочная» 27 апреля!