ХIирийчохь дуьххьара стаг ву коронавирусах велла Махкарчу Роспотребнадзоран декъо бечу хаамца, дуьххьара стаг велла коронавирусах Къилбаседа ХIирийчохь. Республикерчу цIанонан а, эпидемиологин а центро хьалхо бакъдина цо коронавирус лацар, делахь а тест яхьийтина хилла Москварчу Роспотребнадзоран уьнна дуьхьалоечу центре. "Стеган 83 шо дара. Дарбан хIусаме виллинера иза. Лоьраша ма-хуьллу гIиртира цунна дарбадан, амма аьтто ца баьлла тован, хала ловра цо цамгар», - боху меттигерчу Роспотребнадзоран декъан пресс-векалто. Кхалхар нисделла пневмани халачу кепе йирзинчу хьелашкахь. Читать полностью...