Zoom сервисехула дина эзарнаш видеокъамелаш гучудевлла Интернетехь Эзарнашкахь Zoom сервисехула дина видеокъамелаш гучудевлла Youtube а, Vimeo а видеохостингашкахь, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. The Washington Post газето яздарехь, интернетехь лелаш ю наха вовшашца къамелаш деш а, бизнес-кхеташонаш дIахьош а, психотерапевташа сеансаш еш а, школашкахь юьхьанцара классашкахь урокаш дIахьош а, кхин йолу а оцу сервисехула дIаязйина видеош. Компанин куьйгалхоша бехк ца биллар а дехна, хаам бина сервисан эгIазаллица доьзна кхачабацарш дIадохур ду шаьш аьлла. Читать полностью...