Reuters: ОПЕК+ кхеташо тIаьхьатеттина СаIудийн Пачхьалкхан а, Оьрсийчоьнан а къовсам бахьанехь Мехкадаьтта даккхар лахдар хьокъехь оршотан дийнахь хила еза кхеташо тIаьхьатеттина ОПЕК-о, Оьрсийчоьно а, Москван а, Эр-Риядан а къовсам бахьана долуш, хаам бо . Цу шина пачхьалкхо къуьйсург ду, мехкадаьттан мехаш дайдаларна бехке мила ву бохург. ОПЕК-ан а, Оьрсийчоьнан а векалийн цхьаьнакхетар хила мега Оханан-беттан 9-хь. Цунах лаьцна шотдийнахь Reuters агенталле хаам бина ОПЕК-чу хьастано. Кхеташо дIаяхьа еза бохучун тIера ца волу Американ президент Трамп Доналд. ХIокху кIиранах цо дIахьедар динера... Читать полностью...
Федеральный девелопер: ЦФА позволят легко и просто накопить квадратные метры и "обернуть" их в квартиру