Кадыровс лелочух "цавашарна" бехк цабиллар дехийтина Гуьмсерчу вахархочуьнга Гуьмсерчу вахархочунна Гараев Асхьабана бехке диллинарг ду, коьртах газах ларвен аппарат а йоьллина, машен хехкар. Жима стаг емал веш цунна дов дина некъан полицин (ГИБДД) Гуьмсан кIоштарчу декъан хьаькама Вагапов Арслана. Видеоролик хьаькамо дIахIоттийна шен инстаграм-аккаунтехь. Машенна урхалла деш газах ларвен аппарат лелор Вагаповс тидина, "Кадыров Рамзан коьртехь волчу нохчийн Iедало, карантин а кхайкхийна, лелочух и жима стаг цавашар" санна. Гараевс бехк цабиллар а дехна, баркалла а аьлла Кадыровна... Читать полностью...