UFC-н президент: РогIера латар хир ду Хьабибан а, Макгрегоран а UFC Президенто Уайт Данас хаам бина, Нурмагомедов Хьабиб UFC-н шина дивизионехь чемпион хиллачу Макгрегор Конорца летар ву аьлла. «Конор дика летира тахана, цкъа а цахиллачу кепара. Конор реванш ян лууш ву Хьабибца. Тахана латар хиллачул тIаьхьа Хьабибца реванш исторехь уггар йоккханиг хир ю», - элира Данас. UFC 246 турнирехь тахана Макгрегора нокауте вахийтира Серроне Дональд хьалхарчу раундехь. Конор летира Хьабибца UFC 229 турнирехь 2018 шарахь ГIaдужу-баттахь. Нурмагомедов туьйлира 4-чу раундехь. Читать полностью...
«Наука в школе: реальность или иллюзия»: в Технопарке Физтех-лицея им. П. Л. Капицы эксперты выяснили, могут ли школьники заниматься наукой