Маситта денна хи доцуш бисина Соьлж-ГIалан цхьайолчу кIоштийн бахархой Нохчийчоьнан коьртачу меттиган Соьлж-ГIалин юкъ хи доцуш йисина маситта денна, хаам бо Кавказ.Реалиино, шен корреспондентана тIе а тевжаш. Дийцарехь, кхоалгIа де ду цига хи далар ханна сацийна. МУП "Водоканал Грозного" урхалло шен Instagram-хь хаам бинера, ГIура-беттан 6-хь дуьйна дийнахь-бусий Соьлж-ГIалан Ленинан а, Заводан а кIошташкахь цхьаболчу урамашкахь хи хир дац аьлла. "Водоканало" хьехар динера, хьалххе эций хиза охьадиллахьара аьлла. Амма цхьацца урамашкарчу бахархоша дийцарехь, хи лекъна "Водоканало" дIахаийтар дале хьалха. Читать полностью...
Кампус «БИМ» станет драйвером работы по развитию экосистемы технологического предпринимательства в Ивановской области