G7 саммиташкахь Оьрсийчоьно дакъалацарна дуьхьал резолюци тIеэцна Iамеркан Конгрессо Iамеркан Конгрессан векаллин чоьно резолюци къобалйина Оьрсийчоьнна G7 саммиташкахь дакъалацар доьхкуш йолу, "Москвано луларчу пачхьалкхийн территорин цхьаалла а, демократин юкъараллийн стандарташ а ларралц". Цу резолюцехьа кхаж тесна 339 конгрессмено, 71 дуьхьал хилла. Оьрсийчоьнан "G7 тобанах дIакхета аьтто хир бу, цо Украинин территорешна, шайна юкъахь ГIирма а йолуш, оккупаци яр сацадахь а, дерриг а дуьнентIехь демократина Iиттарш яр дитахь а" аьлла ду цу документехь. И резолюци гучуяларан... Читать полностью...