Дагестанерчу эвлашкахь болх бан реза хилла иттанашкахь тоьлла лоьраш ТIаьххьарчу шарахь Оьрсийчоьнан федералан медицинан центрашкара Дагестане болхбан дIабахна 50 гергга лаккхара корматалаш йолу лоьраш, хаамбо "Южный Федеральный" портало. Москвара, Санкт-Петербургера, Астраханера, кхийолчу а оьрсийн гIаланашкара Дагестанехь гулбелла ортопедаш, нейрохирургаш, онкологаш,травматологаш, кардиохирургаш, ишта кхи болу говзанчаш а. Ярташкарчу дарбан хIусамашка медицинан белхахой хьийсош "Земский доктор" аьлла программа ю Дагестанехь болх беш. Кху шарахь могушаллин министралло цига хьажо билгалваьккхина 224 лор. Читать полностью...
Отец азербайджанца вдруг забыл русский язык, и потребовал переводчика. Что известно о дерзком преступлении – убийctве байкера в Москве?
Публичная и тайная жизнь одного из самых ярких российских адвокатов XIX века в новом историческом детективе “Плевако”