Културан бIе сов гIуллакххочо гIортор йина Сенцовна ДуьнентIехь а вевзаш волчу бIе сов культуран гIуллакххочо гIортор йина Оьрсийчуьрчу набахтехь мацалла хьоьгуш волчу Украинерчу режиссерна Сенцов Олегана. Цара кхайкхам бина Евробертан а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан а официалан белхахошка Оьрсийчоьнан Iаткъам баре, тутмакх сиханца дIахецийта. Културан гIуллакххойн кхайкхам зорбане баьккхина Францерчу Le Monde зорбанан гIирсо. Украинера режиссер, 20 шо хан а тоьхна, чувоьллина ву Оьрсийчохь, Кремло дIалаьцначу ГIирмехь терроран акташ ян дагахь хилла аьлла бехке а вина. Читать полностью...
Мартин Скорсезе вернулся к идее 15-летней давности. Он снимет Леонардо ДиКаприо в роли Фрэнка Синатры