Нохчийчохь беллачу полисхойн доьзалш балха нисбеш бу Шайн белхан декхарш кхочушдечу заманчохь беллачу полисхойн доьзалш белхашка дIанисбина аьлла, хаамбо махкарчу Iедало. Кхаа баттахь ницкъаллийн структурийн белхахой лаьттинчийн 120 бер белхашка хIиттийна, регионерчу Iедалхойн хаамашца. Маршо Радионо хьалхо хааме даьккхира, кху шеран юьххьехь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омра дина хиларх, полисхойн берашна белхан меттигаш ло аьлла. "Мехкан куьйгалхочун пурба кхочушдеш, кхаа баттахь гергга оха балха нисдина 120 бер. Цхьацца бахьанашца 103 стага дуьхьало йира балха ваха. Читать полностью...
Отец азербайджанца вдруг забыл русский язык, и потребовал переводчика. Что известно о дерзком преступлении – убийctве байкера в Москве?