Иракъехь яллалц чуйоьллина Дагестанера ши зуда Иракъерчу суьдо шинарин дийнахь, "Исламан пачхьалкх" тобанна юкъахь хилла аьлла, кхел кхайкхийна Оьрсийчоьнан шина махкахочунна Дагестанера схьаяьллачу Исмаилова Алисина а, Магомедханова Эльвирина а. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь а волчу векало Сабсаби Зияда. Хьалхо Иракъерчу Al-Sumaria телеканало хаам бинера, цу пачхьалкхан Коьртачу криминалан кхело Iожалла тIекхаччалц (яллалц) аьлла набахте а хьажийна, ен суд а йина кхечу пачхьалкхашкарчу 7 зудчунна аьлла. Читать полностью...