Нохчийн оппозиционерийн ненехьа пикет хIоттийна жигархо лаьцна Москвахь "Маьршайаккха Мусаева Зарема" аьлла плакат карахь пикете йаьлла жигархо Сайфутдинова Анна лаьцна Москвахь. Дечкен-беттан 29-чохь Кремлна гена йоццучу Пушкинан майданахь акци хIоттийнера цо. Бакъоларйаран "ОВД-Инфо" проекто бечу хаамца, Сайфутдинова лаьцначул тIаьхьа полицин декъе дIайигинера иза, амма цул тIаьхьа протокол а ца хIоттош, дIахецнера. Жигархочьунга йаздайтинера акцих лаьцна, билгалдоккху бакъонашаларйархоша. Мусаева Зарема – оппозицин жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран а, ИбрахIиман а, Байсангуран а нана ю. Читать полностью...
Депутат ЗСК Виктор Тепляков принял участие в круглом столе по вопросам развития туристической отрасли в Сочи