Шайна вевзачунна мотт ца тохарна гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу шина вахархочунна Зулам дарх лаьцна хаам ца барна Нохчийчуьрчу кхело меттигерчу шина вахархочунна Тутаев Iусманна а, Амаев Мохьмадна а гIудаш йиттина – низамехь йоцуш герзаца йолчу вовшахтохаралле шаьш кхойкхуш кхаьчначу хаамах лаьцна низамхошка цара ца дийцарна. Теркйистерчу кIоштан кхелан сацамца а догIуш, 2022-чу шеран дечкен-баттахь Амаев, Тутаев шайна вевзаш хиллачу кхаа стагаца цхьанакхетта хилла. "Низам лардаран хьукматашна дуьхьало йан Iалашонца" низамехь йоцуш герзаца йолу вовшахтохар кхолла лаам хиларх лаьцна дийцина царах цхьамма... Читать полностью...
«Без сострадания нет большого художника»: музыканты Спивакова дают благотворительные концерты в Оренбурге